24 июл 2019
Бека Эльмурзаев - Зама (сл. и муз. Б.Эльмурзаев)
Maga)) TL
3:36
20 КОММЕНТАРИЕВ
Ширван ХХХ
Маржа зама ма сиха йх хьо, ................Мага)) Дала сий дойла хьан
Maga)) TL
Дела реза хилла Ширван!)))
Ширван ХХХ
И ерге сан жималла карла яьккхи цо суна...
Maga)) TL
Ткъа дика дац иза? Оцу иллех хада йиш яц вай Ширван!)))
Ширван ХХХ
Мохь ца бетташ оцу замане къамелдеш бу уьш, ма хаза олу цара и......
Maga)) TL
Бакъ дукх хьуна иза Ширван. Бека, цхьа тамашийна хьоьжу оцу камерчу)))
НОХЧО سفيان
Буйса дика хуьлийла шуьшинна ,х1ара илли видеоролик гина яцара суна Дела реза хилла хьуна Мага.Шуьши шаьшинна иллига ладуг!уш хилла
Maga)) TL
Буьйса дика хьа а хилла Супьян! Кхи х1у дира кхузахь?
НОХЧО سفيان
Бекина ч1ог1а хаза хетар ду и гича сан лулахь 1аш ву иза.Дика ду и ролик хьогахь йолу.
Maga)) TL
Соьгахь Беки аудио иллеш ду! Суна ч1ог1а хаза хета Бекас илли олуш. Дала могаш маьрша лела войла иза!!!
НОХЧО سفيان
Дела реза хуьлийла Бека сан воккха доттаг1а ву.Хьоьгахь бен кхечахьа ца кари суна х1ара илли.
Maga)) TL
Вайгахь ерг кхоор яц вай Супьян, Дала мукълахь) Неха са мукъа даларх, къа хир ду моьтташ вац со сайна!)
НОХЧО سفيان
Маьл хир бу суна ч1ог1а безам хийти и илли олуш берш гича оцу юкьара Бека кхи цхьаь бен дийна вац х1инца суна уьш берриге бевзаш бара.Дала гечдойла царна!
Maga)) TL
Бекига, докхха салам - маршалла ло, цуьна п1ох1ма къобала де чаьргара, хьай карах далахь!
НОХЧО سفيان
Д1алур ду Делера салам маршалла хилла хьуна а.Буьйса декьала йог1ийла 1одика йойла!
Maga)) TL
Амин!!! Царна юкъехь дийна верг, Бека а ву, Эльдарханов Ахьмад ву моьтташ ву со, со г1алат вацахь!!!
НОХЧО سفيان
И шиь ву вуьйш дина бац.
Maga)) TL
Массери а йог1ийла буьйса декъала)))
ДУКИ АЛИМХАНОВ
Дела реза хуьлда Бекина а цу заманна а ма хан яра иза.
Камета Пашаева (Саратова)
Сан ненаваша а ву царна юккъехь,ч1ог1а хазахета иштта шира иллеш хезча